Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Кийча хила Европера цIехьа довда, дозанаш къовлахь а..."

Шемарчу тIамах кхозлагIа дуьненан тIом хиларх кхерабелла Европехь бехаш болчу нохчех цхьаццаберш. Кхаарий дийнахь дуьйна социалан машанашкахь а, ватсаппехула а дIасатуьйсуш дуккха хаамаш бу, Iамеркахойн эскарш Шема агIор новкъадевлла, зарратан ракетехь доьттина долу хIурдан кеманаш а ду цу пачхьалкхан агIор кхача арадевлла, бохуш.


И бахьана долуш кеста бала хьаьхьначу тIамна кечам баре кхойкху цу кепара хаамаш баржочу наха.


Масала, дозанаш дIакъовлале Нохчийчу цIабаха махкахой кечбаларе. Иштта, шен цIе хьулйинчу цхьана юзеро язбина хIара чулацам болу хаам: "Вайна ма-хаара, селхана Iамеркано шен хIурдакеманаш Шемин дозанна герга дахкийна. 24 сахьт далале Трампа омра дала йиш ю атака е аьлла. Вежарий, цо тIелата аьлла омра лахь, Шемахь Пайхамаро дина шайхалла кхочуш хила долалур ду. Цара чим бина ягор ю Шема. Оьрсийчоьнний, Iамерканий, Европаний юккъехь болалуш тIом бу. Кийча хилалахь, сиха схьа а гулделла, Европера дIа цIа даха, хIунда аьлча боккха кхерам бу шуна цара дозанаш дIакъовларна".


Цунах терра хаамаш а, кхерамаш тийсаран кхайкхамаш а шорта бу Малхбузерчу нохчашна юккъехь дIасатуьйсуш. Ткъа стенна бу –те нохчий массарел а алсамох аьлча санна цу хила тарлучу  тIеман тема айъина лелаш?


Берлинехь вехачу Шишханов Заурбекана хетарехь, нохчашна тIеман мах а, тIамо деш дерг а дика девзаш хиларца доьзна хила мега иза: "Кхечаьрга хьаьжча – гIазакхашка а, кхечаьрга а хьаьжча, нохчашна тIом хIун ю хаьа. Европахойн а, кхечеран а тIамах болу кхетам кинош чохь санна бу, романтикалле, даг тIе патарма а кхетий, цхьа хаза стаг лей дIавоьдуш. Юха цунах массарна а къахеташ.


Ткъа нохчийн адамна... Цкъа хIинца ву стаг, тIаккха вац иза. Адам вовшах а доккхий, нехан керташкахула хийла дIаса а кхуссий, юргIан юккъехь схьалехьийна нохчаша. Цундела хир ду-кх нохчаша къаьстина и хIума тIеоьзна хилар, иза дуьйцуш, тIамах кхерабалар а".


Цу юкъана кхозлагIа дуьненан тIом баларан кхерам мелла а лахбелла лара мегар ду еаридийнахь. Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда шен рогIерчу твитехь харцдина, ша Шемина тIелатар маца дан гIерта билгалдаьккхина хилар. "Иза вуно кеста хила а там бу, хиллане а кеста ца хила а там бу" аьлла, яздинера цо шен твиттерерчу агIон тIехь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *