Сталин террорхо ву аьлла Кадыровс
"Стенна оьшу Сталинан каш Москохна, Кремлна гергахь муххале а? Мел Оьрсийчоьнан нах хIаллакбина, тIехь ницкъ бина, набахтешкахула чекхбийлина цуьнан бехканна. 300 000 нохчо а, гIалгIа а вийна цо шен заманчохь", - карладоккху Кадыровс 1944-чу шеран депортаци дага а лоцуш.
"Цуьнан омраца бераш, къаной, зударий байина, ярташ ягийна. Иштта турпалхо ву-кх иза! Суна шайтIа, зуламхо, тиран ву-кх иза! И ву-кх террорхо! Цуьнан цIе хезча вуон хуьлу суна, цуьнга боцчу безамна хьацар туху сан куьйгашна", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
ЦIечу майданахь мавзолей чохь Iуьллу Ленин Владимир дIаволла везар а хьахийна цо. "ХIунда ницкъ бо цуьнан докъанна тIехь? ХIоразза а цунна тIехь цIано латтош, и мумий стенна латтош ю? Хьанна оьшу и, эвлаяъ ваций иза?!", -боху Кадыровс.

