Кадыров Рамзан: Путинан метта куьйгалле хIотто стаг ван а вац тахана
"Цундела вай сацам тIеэца беза аьлла хета суна, кхи дIа а иза даржехь вуьсуьйтуш. ХIунда мега и Китайна а, Германина а. Вайна хIунда ца мега?", - хоьтту мехкан куьйгалхочо.
Халкъан дуьхьа аьлла, вай хIунда ца бо хийцамаш боху Кадыровс. "Сайгара аьлча, вай хетта ца деза Путине. Халкъ, Федерацин Кхеташо, пачхьалкхан Дума, кхи йолу институташ меттах а евлла, куьйгаш гулдина, референдуме даккха деза и хаттар. Со тешна ву, масо а тIетовриг хиларх", - аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана.

