Шемарчу Думехь дIатарйеш ю Оьрсийчоьнан тIеман полици
![Шемарчу Думехь дIатарйеш ю Оьрсийчоьнан тIеман полици](https://gdb.rferl.org/f857eadc-f938-4774-93c2-7b1ba426131b_tv_w800_h450.jpg)
Шемарчу гIаттамхойн тIеман тоба а, церан доьзалш а арабовлуш бара Думара Охан-беттан 12-чу дийнахь Ал-Вафидден олучу чекхболуьйтучу меттигехь, Оьрсийчоьнан тIеман полицин дакъош цу гIала чудаха кечделла а долуш. ТIемалой арабовларх лаьцна барт бинера Джейш ал-Ислам (Jaish al-Islam) тобанца Думахь дIаьвшен тIелатар динчул тIаьхьа масийтта сахьт даьлча. Шеман а, Оьрсийчоьнан а Iедалша тIе ца оьцу цу гIалахь дIаьвшен тIелатар дина бохург. (Reuters видео)