Махкара белхазалла 5 % проценте охьайоккхур ю ша аьлла Кадыровс
ТIейогIучу заманчохь махкара белхазалла 5 проценте охьаяккхар - коьрта Iалашо ю шен аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Суна гергахь, коьрта ду махкахь белхан меттигийн къоьлла дIаяккхар. Шина тIемашкара девллачу тхан республикехь ирча хьал лаьттара. 2006-чу шарахь со министрийн кабинетан куьйгалле хIоьттича, 76 проценте гIоьртина яра белхазалла. 9 -нне терахь лахдан аьтто хилла тхан кху дийне кхаччалц. ТIедогIучу кхаа шерачохь 5 проценте кхачо тхайн аьтто хир бу аьлла тешна ву со", - аьлла "Интерфакс" агенталле Кадыровс.