Германис къобалдина Шемахь ракеташ тохар
"Шемарчу режиман химин герз лелорехь таронашна доза тохархьама" дина дара и тохарш аьлла, билгалдаьккхина Меркела.
"Шаьш ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан гуттаренна а декъахой хиларе терра, жоьпалла шайна тIеоьцучу тхайн Iамеркан, Британин, Францин бартхойн сацам оха къобалбо", - аьлла, тIетоьхна немцойн канцлера.
Хьалхо Шеманна тохарш дарна Германи декъахь хир яц аьлла дIахьединера Меркел Ангелас.