Блогеран Абдурахманов Тумсон Инстаграмера аккаунт дIакъевлина
"Хьоме доттагIий! Сан Инстаграм дIакъевлина.. Бахьана: "Хьан аккаунтна блок хIоттийна, хIунда аьлча, кхечу стеган цIарах хьо кху чохь леларна". Кадыровцаша аьрзнаш дина. Аккаунт схьаяста гIерташ, белхаш бу ас беш. Кеста блок дIайоккхур ю аьлла тешна ву со", - яздина Фейсбукехь Абдурахманов Тумсос. "5 эзар стаг ву сан агIоне язвелла", - аьлла блогеро "Кавказ.Реалии" портале.
2015-гIа шо довш Нохчийчоь дIатесна Абдурахмановс, Кадыровн гуонаца иккхина конфликт бахьана долуш. Хьалхо цо дийцира, шен Инстаграмерчу аккаунтан сурт а даьккхина, мессенджершкахула Нохчийчуьрчу хьаькамаша дIасакхоьхьуьуйтуш хилла аьлла.
Маршо Радионо яздира кху деношкахь, Полшехь Нохчийчуьрчу Iедалх лечкъина вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон гергарнаш полисхоша дIабигина хиларх. Царна кхерамаш а туьйсуш, Тумсона дуьхьал гергарчеран къамелаш дIаязда гIиртинера полисхой.
Шен ши деваша а, ненан ши ваша а дIалацарх хаам бира ша Абдурахмановс а Фейсбукерчу шен агIон тIехь. Цо бахарехь, "Кадыровн Iедало" бигинера уьш.