Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шемахь тIелатар дар бусулбанашна тIехь дина геноцид ю аьлла Кадыровс

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Великобританис а, Францино а Шемарчу объекташна тохарш дина. БIе сов ракета хецна, 70 сов Шемара тIеман дакъош хIаллакдина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Iамерко а, цуьнан бартхоша а  дуьненаюкъара низамаш дохийна хиларх, хIунда аьлча, ООН-ан санкцеш а йоцуш лела дела.


"ООН-ан декъахь йолчу Шемана дуьхьал йинарг агресси ю, - яздина Кадыров шен Телеграм-каналехь. – ТIелатар деш харц бахьана ду цара юьхьарлаьцнарг: Дума гIалахь химин герз лелийна аьлла, ткъа и бакъхиларан я тоьшаллаш а дац.


Йозуш йоцчу пачхьалкхна, ООН-ца дага а ца бовлуш, ракеташца, бомбанашца тохарш дар тIеман зулам ду, къизалла а ю", - аьлла, тIе а тухуш.


Шемахь ракеташ тохарна ша резавацар дIахаийтира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Великобританино а, Францино а Шеман объекташна дина тохарш "пачхьалкхана дуьхьала дина агрессин акт ду" аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, террорхошна муьтIахь хиларна Iамерка бехке а еш.


Оьрсийчоьнан лидеро бахарехь, Iамерко кхи тIе а карзахйоккхуш ю Шемара гуманитаран катастрофа, ткъа динчу тохарша маьршачу бахархошна гIело йо. Иштта Путина дIахьедина, Оьрсийчоьно цIеххьашха дийцаршка кхойкхуш хилар ООН-ан кхерамзаллан кхеташо. Президентан дешнашца, цигахь дийцаредан лерина "Iамеркан а, цуьнан бартхойн а агрессин тIелатарш" .


"Вайн къоман лидеро Путин Владимира билгаладаьккхина ма хиллара, хенан йохалла историно шен-шен метта дерриг дIанисдийр ду. Цо хIинцале а доккха жоьпалла тIедожийна Вашингтонна, цо Югославица а, Иракъца а, Ливица а цIий Iанош ницкъ барна. Суна сайгара кхи цкъа а билгалдаккха луур ду, тIеман зулам динчу Iамеркана а, цуьнан агIончашна а цхьа а бехказло яц.


Иттанашкахь шерашкахь Исламан дуьне а, бусулбачийн пачхьалкхаш а йохо гIерташ политика ю цара дIахьош. Терроризмаца къийсам хьо бохуш, шалхонаш а лелош, маьрша нах бу цигахь хIаллакбеш. Бусулбанашна тIехь лелорийг геноцид ю, дукха нахана зенаш дина цара", - аьлла, яздина Кадыровс.


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *