ТIехь къизаллаш лелийначарна кхоккха эзар сом кхачийна кхело
![ТIехь къизаллаш лелийначарна кхоккха эзар сом кхачийна кхело](https://gdb.rferl.org/AB0AEC41-B25F-4905-9E54-635D2F853990_cx7_cy23_cw92_w800_h450.png)
Машенаш лечкъийна шаьш алий, бехк тIелаца бохуш, полисхоша тIехь ницкъбинчу Гасанов Низамина а, Заманов Эльшанна а кхоккха эзар сом дIало аьлла Лахарчу Новгородан кхело. "Iазапашна дуьхьалояран комитето" бина и хаам. Уггар лахара компенсаци ю и аьлла, кхелан сацамна латкъам бан Iалашо ю юристийн.
Лурчаха Лахарчу Новогородера зуламаш толлучу декъан 6 белхахо, лецначарна тIехь къизаллаш лелийна аьлла, бехке а вина, арахь яккха хенаш тоьхнера царна.
"Iазапашна дуьхьалояран комитете" арз динера Гасановс а, Замановс а 2012-чу шарахь. Цара дIахьединера, гIалин лоьмар 1 йолчу полицин декъан белхахоша ницкъбина хиларх шайна тIехь. Ши шо сов хан ийшира Талламан комитетна и гIуллакх кхеле кхачо. Ша процесс лаьттира кхи а 1,5 шарахь.