Трампана Нобелан совгIат дала деза, боху Къилба Корейн президенто
Мун Чжэ Ин цхьаьнакхийтира Къилбаседа Корейн лидерца Ким Чен Ынца Оханан-беттан 27-чу дийнахь, шина пачхьалкхан дозанехь йолчу герзех маьршачу зонехь. И цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа тIеэцначу декларацица а догIуш, Пхеньян а, Сеул а дагахь ю хIара шо чекхдалале, машаран барт а бина, шина пачхьалкхана юкъахь болу тIом дIаберзо.
Трампа къобул дира шина Корейн куьйгалхой цхьаьнакхетаро деана жамIаш. "Корейн тIом дIабоьрзуш бу. Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, берриг а вайн дикачу наха а дозалла дан мегар ду хIинца Корейхь хуьлург бахьана долуш", - яздира президенто Трампа твиттерехь.