Тахана 4-гIа инаугураци ю Путин Владимиран
Хьалхо зорбанашкахь яздора, даим санна Москохан урамашкахула президентан ковр чекхъер яц, "негативе терго" тIе ца озорхьама аьлла.
2012-чу шарахь кхозлагIа президентан дарже хIоьттира Путин Владимир. ХIетахь, адамех, машенех маьршадаьхначу некъашкахула КIайчу цIийнера Кремле вахара иза.
Кху беттан 5-чу дийнахь Оьрсийчоьнан дуккхаъчу гIаланашкахь Путин Владимир доьалгIа президенталле хаарна дуьхьал болчу наха "И тхуна паччахь вац" цIарца акцеш дIаяьхьира.
"ОВД-Инфон" зерашца, Оьрсийчоьнан 27 гIалахь 1597 стаг лецира. Церан ах дакъа маьршадаьккхира. Цхьаберш лаьцна битина, вукхеран кхеле хIитта дезар ду.