Хасу-юьртара базар дIаяккхарх йист ца яьлла гIалин куьйгалхошца цхьанакхетар хилча а
ГIалин Iедалша рагIуш дIахьакхар цIеяларан кхерамашца а, адамийн бакъонаш Iалашъярхьама, гонахара Iалам садаIа а, ваха а цIена хилийтархьама а ду аьлла гулбеллачаьрга.
Йохка-эцар лело рагIуш дIахьаькхначул тIаьхьа оцу бахархошна кхечу гIалин йохка-эцаран центрашкахь а, яккхийчу базаршкахь а меттигаш луш бу. Амма шаьш марзделла меттиг дIатаса реза ца хуьлу уьш.
Оршотдийнахь Хасу-юьртарчу администрацина хьалха гулбеллера бедарш юхкучу базарара 40 йохкархой.