Эзар гергга мина яьккхина Нохчийчоьнан лаьтта бухара
Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а лаьмнашкара а, хьаннашкара а латтанаш толлуш, дIацIандеш кху шарахь юкъаозийна 400 инженерийн декъара эскархой а, 40 тIеман а, лерина а техника а.
Цул совнаха, лерина Iамийначу жIаьлешца белхаш дIахьо минаш лоьхучу хьукматийн говзанчаша. Карарчу шарахь цара тIелаьцна лоьлхуьйтучарех дIацIанъян цхьа эзар ах эзар гергга Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а территореш.