Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыров: Францина тIехь ду цу кIантах жоьпалла

Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимов Хьасана Парижехь динчу тIелатарх шена хетарг аьлла Кадыров Рамазана.


"Шен 14 шо кхаьчначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан паспорт  даьккхина хилла цо. Тахана цуьнан карахь долу паспорт лелаш дац, хIунда аьлча, 20 шо дуьзча хийца дезаш и хилла дела. Цундела дIахьеда деза аьлла хета суна,  Азимов Хьасан харцахьачу новкъа валарна жоьпалла Францин Iедалхошна тIехь ду. Дуьненчу валар Нохчийчохь хилар бен, кхиар, дуьнене болу хьежамаш францхойн юкъараллехь нисделла цуьнан", - аьлла, яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.


Нохчийчоьнан куьйгалхочо иштта дийцина, Азимовн полисхошца а, Францин къайлахчу сервисашца а хиллачу контактех кхочучу информацех. Кадыровна хетарехь, оцу факто "цкъачунна жоьпаш доцу дуккха а хеттарш" кхолладо.


"Малхбузерчу пачхьалкхашна шайн демократи доза доцчу лакхене гIоьртина аьлла хета. Дайн-нанойн карахь ца дуьту бераш кхиор, уьш човхор. Берийн кханенах жоьпалла шайна тIе ма лоцу цара, цундела жоп далар а царна тIехь ду", - аьлла хета Кадыровна.


Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага.


Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг ве а, 4 лазо а.


Рейтер агенталло бинчу хаамца, цуьнан да-нана лаьцна Францин полицино. И шиъ ледеш ду.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *