Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ца лаахь а, лууш санна

Черкес Лариса

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу итнеллигенцино къаьмнийн меттанаш Iалашбар доьху Iедале


Оьрсийчохь къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам Пачхьалкхан Думе тIе цачIагIдар деха шайн мехкан Iедал декхаредо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Iилманчаша а, юкъараллахоша а.


Жигархойн тобано билгалдоккху къаьмнийн меттанаш кIоргга кризисехь дохкуш хилар. Буьйцурш бу конституцино Iедалан статусехь кхобу чергазийн а (гIебартойн), балкхаройн а меттанаш.


Билдаккха догIу, хьалхо ГIезалойчоьнан а, кхечу мехкийн а векалша оццу маьIнехь дIахьедарш даржийна хилар. Масала, ненан меттанийн агIо лецира дукха хан йоццуш Дагестанан куьйгалхо лаьттинчу Абдулатипов Рамазана – "синмехаллашна а, оьздангаллина а" зуламе ду ненан меттанаш Iамор школашкарчу берийн лааме диллина дитар, элира цо.


ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Iилманчийн юкъаралло хаам баржийна, ша меттанийн хьокъехь дIахьедарш Iедалан цхьацца хьукматашка а, мехкан куьйгалхошка а, президенте Путин Владимире а хьовсийна, аьлла.


Iилманчаша дагадоуьйту Оьрсийчоьхь лелачу "Дешарх долчу низамо" къаьмнийн меттанашна новкъарло еш хилар, цо царна, хьалха а санна, школашкахь къиранах 2-3 сахьт бен кхачош дацар.


"Къаьмнийн меттанаш сихачу боларахь лекъаш лаьттачу кху муьрехь стенна мега уьш лаахь Iамош, ца лаахь ца Iамош, дIатесна дита?" – цецбуьйлу пачхьалкхо айинчу кампанех гIебартойн а, балкхаройн а Iилманчаш.


Царна хетарехь, низаман проекто "талхадо ишта а дикачу хьолехь доцу дуккхаъчу къаьмнех лаьттачу пачхьалкхера политикан хьал".


Думин проект питане ю, массо а къаьмнашна зулам дохьу цо, аьлла хета дIахьедар даржийначийн тобанерчу филологин Iилманан докторна, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iилманийн академин литературан институтан куьйгаллерчу Хакуашева Мадинина.


"Иза, уггаре хьалха, оьрсийн сийсазбеш проект ю, и санначу документаша оьрсашка тешам бойу, къаьмнашна юкъа питана тосу. Суна хетарехь, цхьа корта боцчу русофобо кечйина проект – шен къам, шен мотт безаш долу адамаш лараме хуьлу кхечу къаьмнашца, кхечу меттанашца. Кхин муха кхето деза дуьненахь уггаре дукха къаьмнаш дехачу пачхьалкхна "халкъан леша" иштаниг хьехар? – хеттаре юьйлу "Кавказ.Реалиица" къамелдина Iилманча.


Хакуашева Мадинина хетарехь, "халкъан кхолламаш луьстучу депутаташлахь дакъа ду я зуламхошна лобби латтош, я къаьмнашка цабезам болуш". Шина а харцоно сахьт дац пачхьалкхера барт  бохон, боху цо.


Шайн махкахь ерриг а синбахамаллин элита ю гIебартойн а, балкхаройн а меттанашкахьа, "цо гойту тхан нах кхетамца могуш буйла, тхо дийна дуйла, тхоьгара мотт боккхур боцийла", элира "Кавказ.Реалиига" гIебартойн меттан, литературан хьехархочо Багова Мейрамас.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *