Президентан хан дIаяхъеш, Конституцехь хийцамаш бан лаам бу нохчийн Iедалхойн
"Юга.ру" гIирсо яздарца, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзана юкъадаккхарца кечдина ду документ аьлла парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Иштта спикера бахарехь, "оцу бечу хийцамо пачхьалкхан демократин бух меттах ца боккху, мелхо а шайн кхане къасто таро ло бахархошна".