КIомал лелийначу Казахстанан вахархочунна хан кхайкхийна Нохчийчохь
Стохка Устрада-гIалахь рейдаш дIахьочу полисхоша лаьцнера Хьамзат. ДегIах таллам бича гучуяьллера цуьнгахь кIомал. Прокуроран позицина тIетайначу кхело, стеган бехкхилар юьхьар а эцна, набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна цунна.