Трамп юхавала мега Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетаре вахарх
![Трамп юхавала мега Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетаре вахарх](https://gdb.rferl.org/1E1FD194-F25B-4CD8-A1BC-BFADECF424F6_w800_h450.jpg)
Iамеркан президент Трамп Доналд юхавала мега тIебогIучу баттахь Къилбаседа Корейн хьалханчица Ким Чен Ын-ца шен хила езачу саммите вахарх. Цунах лаьцна хаам бина вице-президенто Пенс Майка, Къилбаседа Корейно и цхьаьнакхетар хир ду бохург шеконе диллинчул тIаьхьа.
Fox News телеканалана ша еллачу интервьюхь Пенса дIахьедар дина, Iамерка юхаялийта гIерта ца оьшу, шаьш лардийр доцу ваIданаш а деш аьлла.