Iамерка: Украинехь ницкъбар сацалур дара Кремле
Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера динчу дIахьедарехь аьлла ду, хIара кIира Украинан малхбалехь уггаре дукха цIий Iанийначарах хилла кхушарахь аьлла.
Таханлерчу денна цигахь вийна Украинин 5 эскархо, 23 чевнаш хилла ву. Байинарш бу маьршачу бахархошна юкъахь а.
Пачхьалкхан депортаментехь тешна бу, Украинин малхбалехь ницкъ барна Кремло Iуналла деш хиларх а, цуьнан лаам хилча иза сацалур хиларх а.