Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Э" Центрерчу бехкебечарна Дела тIе ца тоьа

Нах байар, къизаллаш лелор, къоланаш дар, харц кехаташ дахар, иштта кхи долу а къиза зуламаш толлуш, кхелан кхеташо дIаяьхьира оршотдийнахь Нальчикерчу тIеман кхелехь. Оцу доллучу зуламашна бехкееш ю экстремизмана дуьхьало латточу "Э" Центран хиллачу куьйгалхочо Хамхоев Тимура урхалла ден тоба. РогIерчу ладегIаршкахь хилларг довзуьйту "Кавказ.Реалии" портало.


Къизаллаш лайначу Назаров Амиле барт-хаттам бира. Кхиболу ницкъбинарш (уьш ву ворхI) я церан векалш ца баьхкинера кхелан ладегIаршка. Азербайджанхо а ву ша, ГIалгIайчохь гIишлошъяран бизнесехь къахьоьгуш а ву аьлла, дийцира кхелахошка Назаровс. Ши шо хьалха туьтмIаьжгаш йоьхначу наха лачкъийна дIавигинера иза. Коьртах  тIоьрмиг а боьллина, тIе  скотч а хьарчош.


Цхьана маьттазчу аудиокъамеле ладогIийтира цуьнга, цул тIаьхьа, и къамел дийриг хьуо ву ала бохуш, тIелацийта а гIиртинера. Назаровс тIе ца дитира, тIаккха йиттира цунна, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш. Нагахь ахь миллион сом шайна лахь, шаьш вуьтур ву хьо аьлла, ахча даккха а гIоьртира, тIаьхьо 800 эзар соьме охьа а бовлуш.


Закъалтна аьлла, бизнесхочуьнгара дIаяьккхира Auidi A6 машен а, пхоьалгIа айфон а.


Хьуо лачкъийнарш полисхой бара аьлла тешам хIунда бу хьан аьлла, хаьттинера цуьнга бехкебечийн адвокаташа. Царна тIехь хиллачу духарца а, цаьргахь хиллачу табелан герзаца а аьлла, хийтира шена элира Назаровс.


"Уьш баккъал а полисхой бара аьлла, ян чIагIо юй хьан?"- хаьттича цхьахволчу адвокато, билггал ала ца хаьа шена аьллера бизнесхочо.


Билгалдаккху, бехкевечу дерзорехь Назаров дIалаца кхайкхийнарг "Э" Центран куьйгалхо Хамхоев Тимур хилла хилар. Иза лачкъочу хенахь кхечу бехкебечаьрца а, бизнесхочуьнца а цхьана машен чохь хилла ву иза.И бакъ хиларан тоьшаллаш прокуроро кхелахошна хьалха охьадехкина.


22-чу дийнахь кхеташонехь кхело листина масех дехар. Магийна бехкевечун вешина Цоров Мустафана адвокат хIотта оцу гIуллакхехь.


Иштта кхело ах тIечIагIдина прокуроро бохамхойн адвокатана Сабинин Андрейна дина арз. Полисхочо бахарехь, кхелехь оцу адвокато цуьнца сурт а даьккхина, Фейсбукерчу агIон тIе оьллина хилла, комментари а еш. Оцу йозан скрин еанера цо кхелан кхеташоне, гIуллакх листаран материалаш юкъа дахийта дагахь, кхело жоп делира цу дехарна.


ШолгIа арз бехкевечу Хандогин Сергейх хьакхалуш дара. Цуьнан масех дехар дара: Къилба ХIирийчуьрчу килсе далла Iамал ян вахийта ша аьлла а, ненаца а, зудчуьнца а телефонехь вистхила бакъо ялар а, юург эца цхьана шина сахьтанна ша аравалийтар а.


Цхьана а дехарна жоп ца делира кхело. Митрополита Филарета ма аллара "ахь чохь динчу доIанна а лур ду хьуна Дала жоп, килсехь динчунна санна" аьлла.


Бехкевоьллинчу Беков Мохьмада а дийхира, наггахь цIенчу хIаваэ аравала шена магийтар. Кхелан кхеташоне балош чуьра арабахар тоаме ду элира кхелахоша.


Шена велла адвокат дIаваккхар дехнера "Э" Центран хиллачу куьйгалхочо Хамхоевс, цунна а жоп ца делира кхелехь.


"Кавказ.Реалии"

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *