Столтенберг: "Боинг" чудаийтарна жоьпалла тIелаца деза Оьрсийчоьно
Цу тайппа дIахьедар дина Евробертан дипломатин куьйгалхочо Могерини Федерикас а.
ПIераскана дийнахь Нидерладийн прокуратуран векло хаам бира, Малайзин авиакомпанин "Боинг-777" чудаийтина хилар Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн 53-чу зенитан-ракетан бригадан "Бук" системо.
Цо дийцарехь, талламхошка цкъачунна жоьпаш ца далало хIунда дина иза, мила ву жоьпехь иза дарна бохучунна.
Хьалха а талламана хууш дара "Боинг", "Буках" пайда а эцна, чудаийтина хилар. Амма, талламхоша дийцарехь, церан дуьххьара аьтто баьлла билггал и система муьлха хилла къасто а, иза Оьрсийчоьнан армин хилар тIечIагIдан а.
Оьрсийчоьно дуккхазза а дIахьедарш дина, 298 стаг а вуьйш (дукхахберш Нидерладийн махкахой), "Боинг" чудаийтарна ша декъа яц бохуш.