Даудовс дIаелла полисхоша схьаяьхна машенаш
Мархийн беттан сий деш, некъан низамаш дохорна полисхоша схьаяьхна машенаш уьш йолчарна юхадIаелла Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. И акци хилла Соьлж-ГIаларчу некъан полицин урхаллан кертахь.
Республикехь некъахьовзамийн терахь лахдар Iалашонца кхоьллинчу комиссин куьйгалхочо Даудовс кху деношкахь леррина кхеташо дIаяьхьира ГИБДД-хь. Цо омра делира нахера схьаяьхна машенаш юхадIало аьлла.
Цу машенийн долахой, ерриг а республикехула схьа а гулбина, Даудовца цхьаьнакхета бигира автобусашца, яздо Кавказ.Реалиино. Парламентан спикеран къамеле ладоьгIначул тIаьхьа, шайн машенашкахь дIасабахна уьш.
Кавказ.Реалиино дийцарехь, Нохчийчьурча полисхоша машен дIайоккхуш Iедал ду, бахьане ца хьоьжуш.