Кхо стаг вийна, шиъ лазийна Нохчийчуьрчу некъахьовзамехь
![Кхо стаг вийна, шиъ лазийна Нохчийчуьрчу некъахьовзамехь](https://gdb.rferl.org/D969C4F3-0D4A-4637-8DD2-F17B3D33334E_w800_h450.gif)
Некъахьовзам хилла Яраш-Маьрдана гергахь, Шуьйта боьдучу новкъахь, хаам бо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо. ТIеттIакхеттарг ю «ВАЗ-217030» а, «ГАЗ-322132» а ши машен.
И бахьана долуш ВАЗ машенна урхалла деш хилла Побединскера вахархо а, цуьнца хилла ши некъахо а велла, дарбанан хIусаме вуьгуш. Оццу машенахь хилла цхьа некъахо а, ГАЗ машенна урхалла деш хилла Шуьйтара вахархо а дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клинике.