Белгехь теракт дина. Байина нах
Льеж гIалин прокуроро теракт ду аьлла динарг. Цо бахарехь, уьрсаца зудчунна-полисхочунна тIехьаьдда, цуьнгара тапча яьккхина хилла зуламхочо. Белгин RTBF телеканало тIелатар динарг 36 шо долу Эрман Бенжамэн ву аьлла, дIакхайкхийна. КIезиг дина зулам бахьана долуш набахтехь хан текхна а хилла иза.
Полицино чIагIдо, тIаьххьарчу хенахь радикалан хьежамашца иза хилла хилар.
Белгин паччахь Филипп а, премьер Мишель Шарль а вахана Льеж гIала.

