Иракъехь чубоьхкина Оьрсийчоьнан бахархой дIасахийца тарло
Кхелан сацамашна дуьхьал аьрзнаш яздеш, шайн зудабераш Iалашдан гIерта церан гергарнаш. ТIамехь дакъалаьцна дац цара, уьш шайн бераш лелош, чохь Iийна бу бохуш, чIагIдо цара.
"Бертан кехаташна куьйгашяздан дезар ду цкъачунна дуьйцуш. Цул совнах, Оьрсийчоьнан лаам бара лецначарна тIехIотта, и бакъо а елла царна", - аьлла шинаридийнахь журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь Иракъан москохарчу векало Хади Хайдар Мовсара. Кхи а 40 гергга зуда ю Иракъехь лаьцна, кхааридийнахь кхелан сацаме ладоьгIуш.
Иштта жигара дIахьош бу бераш цIадерзоран болх а.