Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ХIун а хилла латтахь а, оха шу дIакъовлур ду"

Бзаров Аслан

Къона зуда-майра гIерта шаьш хIуманна а бехке доцийла, наркотикашна шаьшшиъ гена дуйла Iедална дIагайта

Бусалба дине вирзинчу оьрсичуьнца Попов Михаилца гIалгIачо Хамхоева Хадижас маре дира шо совъоьккхуш хьалха. Амма цхьаьна Iойла ца хилла церан массех кIиранах бен, йисина хан яьккхина БуьритIерачу талламан изоляторехь. Наркотикаш лелорна жоьпе озийна и шиъ.


Михаила а, Хадижас а, церан гергарчара а тоьшалла до ницкъхоша кхоьссина царна зуламе коьчал, бохуш. Шо ду таллам болийна.


Михаилан дов кхеле кхаьчнехь, Хадижиниг Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратуро юхаталла хьажийна. Бутт хан ю зуда арахецна – кхин лаьцна латтайойла дацара низамехь. Цунна дихкина махкара араяла.


"Майрачун доттагI волчу, Гуьржийчу даха арадаьллера тхойша"

Дин бахьанехь хьийзадо шаьшшиъ, аьлла хета Поповна а, Хамхоевана а – бусалба дине бевлла оьрсий ца беза Iедална, уьш террористийн новкъабевлла лору.


Юхьанца дов, шиннан бехк цхьаьна а тоьхна, кхеле кхачо ойла хилла талламчийн. Делахь а, шашахдаьккхина зуьйш ду. Ткъа лаьцна цхьаьна долуш, юкъарчу тоьрмигаш чохь наркотик а карийна.


"Тхоьга ФСБ-но хIеттехь элира, шаьш "хIун а хилла латтахь а, оха дIакъовлур ду шу", - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" Хадижас. – Тхойшиъ Гуьржийчу майрачуьнца Мисарахь дешна доттагI волчу доьдуш дара. Лакхарчу Ларсехь, маьттаза мотт лебина аьлла, доцург а кхоьллина, лецира тхойшиъ".


Хадижас тидарехь, ницкъхошна и шиъ "ФСБ-не дIадала бахьана эшна", царна хIорш Шема баха арабевллачух тера хетта.


"Административехь лаьцна, Ардонерчу изоляторехь кхебира юьхьанца, Со лацар харцо ю аьллла къастийра кхело", - боху Хамхоевас.


БуьрийтIерачу изоляторехь шеца харцо ца лелайо олу Хадижига цуьана майрачо.


Сихйина дIахьош ю кхел

ХIора оршоьтан, еарин деношкахь хуьлу Поповн кхелехь ладегIарш. Ткъа материалаш яц, цо зудчуьнга дийцарехь, хIинца а юьззина кепатоьхна а, тIечIагIйина а.


"Эха шаре даьккхира лаьцна латтор, цхьаъ-м духьал а валийна, леван везаш ву, олура. Ткъа кхеле кхачош а вац и "теш". Наркотикашна тIехь ца карийна пIелгийн ларш, корта бахош долу молханаш лелийна аьлла дац цхьаьнхьа а, ца хааелла наркотик я цIийца а. Тоьшалле балийначу нехан къамелаш ца дозало вовшашца", - дуьйцу Хамхоевас.


Цо бахарехь, Михаилна тоъал хан а ца елла шена дуьхьалбаьккхинчу бехках долу кехаташ деша. Адвокате юьхьанца елла копи, тIаккха иза машена а хаийна, юьстах а ваьккхина, кхоьссина аравахийтина талламчас. Адвокато арздина оцу хьокъехь, боху Хадижас.


ХIиттийначу материалашкахь дуккха а галморзахаллаш ю, экспертизин кехаташ ца гайтина Михаилна иза йина пхи бутт баьлча бен, талламо яздина, иза реза ца хуьлура цаьрга хьажа, аьлла. Иштта дуьйцу зудчо.


КIеззиг статистика а

Наркотикашца доьзначу зуламийн статистико хьал ирча гойту. Бакъо лелоран проблемийн институто гайтарехь, Оьрсийчуьрчу набахтехь бохкучу тутмакхех доьалгIа дакъа ду наркотикаш бахьанехь лаьцна.


Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран портало тоьшалла дарехь, стохка динчу зуламийн терахь дуккха а совдалла лурчахчул – 201,2 эзарна тIера 208,7 эзарне кхаччалц. ХIора итталгIа тутмакх набахтехь кхобу наркотикашца доьзна зуламаш дарна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *