Кхаа денна леринчу визитца Китай вахана Путин
Кхаа денна лиринчу визитца Китай вахана Путин Владимир. Кху тIаьхьарчу цхьана шарахь иза кхоалгIа визит ю цуьнан Китай. Малхбузено шех дIахадийначул тIаьхьа цу пачхьалкхаца юххера юкъаметтигаш дIанисъян гIерташ ю Оьрсийчоь.
Оьрсийчоьнан президент цхьаьнакхетта Си Цзиньпинца а, кхин болчу а Китайн куьйгалхошца. Си Цзиньпинца цхьаьна Путин хахкавелира сихаллин цIерпоштана тIехь.
Си Цзиньпина Оьрсийчоьнан куьйгалхочунна елира Китайн Халкъан Республикан ДоттагIаллин орден, хаам бина Кремлан зорбанан сервисо.