Кадыровн гергара стаг хьаькам хIотторах лаьцна хаттар делла Путине
![Кадыровн гергара стаг хьаькам хIотторах лаьцна хаттар делла Путине](https://gdb.rferl.org/A4DC5550-8AB4-4C29-9793-B5ADD55A4F70_w800_h450.jpg)
Нохчийчуьрча вахархочо рез вац Кадыровн 26 шо долу гергара стаг Кадыров Хас-Мохьмад чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан куьйгалхо хIотторна. Цунах лаьцна хьажийна цо еарин дийнахь Путинца хиллачу "Прямая линия" программехь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, News Tracker зорбанан гIирсана тIе а тевжаш.
"Лахара лейтенант Соьлж-ГIаларчу милицин хьаькам муха хIоттийна?", - хаьттина шен цIе ца йовзийтинчу хаттаран авторо.
Хас-Магомед Кадыров хьакаман дарже хIоттийра 2017-чу шеран Лахьан-баттахь.