Да-нана а дуьйш, бохам хилла Францера Нохчийчу боьдучу доьзална
![Да-нана а дуьйш, бохам хилла Францера Нохчийчу боьдучу доьзална](https://gdb.rferl.org/966BCF3A-EA63-406B-AC68-0B035511824D_cx17_cy7_cw82_w800_h450.jpg)
Францера Нохчийчу боьдучу нохчийн доьзалера ши адам а дуьйш, некъахьовзам хилла Оьрсийчуьрчу Сомоленскана гергахь. Кавказ.Реаллино дийцарехь, бохам хилла Мангалан-беттан 7-чохь буьйсанна.
Францехь вехаш волу Джунтаев Расул а, цуьнан хIусамнана а, цу шинан кхо бер а хилла Страсбургера Соьлж-ГIала доьдуш.
Цхьана маьIаргонна уьш чохь болу "Мерседес" микроавтобус, некъах а яьлла, тIекхетта некъана йистехь лаьтташ йолчу асфальт буьллучу машенна.
Джунтаев а, цуьнан хIусамнана циггехь делла. Цу шинан жима кхо бер вочу хьолехь дIакхачийна дарбанан хIусаме.