Украинано Оьрсийчоьнна дуьхьал меморандум яьккхина
"Тхоьгара цхьа башха "совгIат" кхочур ду тахана Оьрсийчоьне ООН-ан Дуьненаюкъарчу кхелехь. 90 кила йозаллица, 17500 текстан агIо а йолуш, 29 томах лаьтташ, - яздина Климкина Твиттерерчу шен агIон тIехь шинаридийнахь. -Терроризмна финанасаш латторна а, расийн дискриминаци лелорна а меморандум ю оха чулуш".
"Оьрсийчоьнна дуьхьал меморандум чукховдор – ладаме мур бу ша мел лелийначу харцонех жоьпалла цунна тIедожош, - аьлла яздина Украинан президенто Порошенко Петрос.