Трамп цхьанакхетта Къилба Корейн президентца
"Инзаре кхиаме дара оха цхьана дIадаьхьна де. Вовшах лаьцна а, шина пачхьалкхехь дуккха а керланиг доьвзира тхошинна", - аьлла, билгалдаьккхина Iамеркан президенто. Ын Ким Чен КIайчу цIийне кхайкха дагахь ву ша аьлла Трампа, тIейогIучу хенахь.
Ын Ким Чена билгалдаккхарца, Трампца цуьнан хилла цхьанакхетар -"машаре гIулч" ю. Зарратан герзах къаста Iалашо юй хьан аьлла, журналисташа шега деллачу хаттарна жоп ца делира Кима яздо "Iамеркан аз" радиостанцино. Делкъанна хIума кхоллучу хенахь президентех схьакхийтира шина а агIонан делегацийн декъашхой.
СNN-ан хаамашца, шина пачхьалкхо тIеэца тарло "вовшех кхетарх" документ, цуьнан чулацам цхьанакхетар хилале хьалха Iамеркан, Къилба Корейн векалша дийцаредина.
Трамп Доналда шаьшиммо Корейн ахгIайрен проблема ерзор ю аьлла, дIахьедина цхьанакхетар дирзича.
Къилба Корейн лидеро ша кийча ву аьлла, хьалхалера цакхетамаш Iад а битина, юкъарло лело.