Мацалла кхайкхийна Оьрсийчохь колонехь латточу ГIирмерчу гIезалочуьнан нанас
![Мацалла кхайкхийна Оьрсийчохь колонехь латточу ГIирмерчу гIезалочуьнан нанас](https://gdb.rferl.org/52698588-D0DA-41B9-890F-C9C6C80F1E61_w800_h450.jpg)
Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-ТахIрир" исламан юкъараллан декъашхо ву аьлла чувоьллинчу Примов Нурин нанас мацалла кхайкхийна ГIирмехь. Цо кхайкхам бина Севастополерчу ФСБ-н урхалле, шен кIант дIахецар доьхуш.
Примова Раймес дийцина Маршо Радионе, Оьрсийчоьнан Iедалшца барт а бина, хуьйцур болчу Сенцов а, Кольченко а кхин болчу а Украинерчу тутмакхашна юкъатохийта гIерташ ю ша шен кIант аьлла.
Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш лелочунна дуьхьал, шинарин дийнахь дуьйна хи малар бен кхин кхача тIеоьцуш йоцчу Примовн нанас чIагIдо, шена ницкъ мел тоьа мацалла хьоьгур ю ша бохуш.
Примов Нури чувоьллина ву 2016-чу шарахь Гезгмашин-беттан 17-чу дийнахь дуьйна, Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо 5 шо хан а тоьхна. Карарчу хенахь таIзар токхуш ву иза Марий Эл республикерчу колонехь.