Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шайна тIера бехкаш даха гIерта гIалгIайн полисхой

Шайна тIера бехкаш даха гIерта гIалгIайн полисхой

Кху беттан 8-чу дийнахь ГIалгIайчохь байинарш а, лецнарш а интернетерчу ницкъаллийн структурийн белхахоша лелочу цхьана тобане язбелла хилла. Оцу группи чохь дIасакхехьийтина хаамаш бахьанехь йолийнера спецопераци, дIахьедо бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада.

Контртерроризман конвейер

Верриг а цу тасадаларшкахь вийнарг ву Несарара виъ вахархо. Шайн цIа чохь дийра АюповгIеран доьзалера кхо адам (Iумар, Мохьмад, церан нана Медна а), ткъа Алиев ИбрехIим дIавигинчул тIаьхьа вийра полисхоша.

Цуьнан ваша Алиев Башир Iедалхойн карахь ву хIинца а. Ницкъахоша шайгахь латточу цхьана ГIалгIайчоьнан вахархочун Богатырев Зеламхан кхолламах хилларг хууш дац.

Полисхоша дIахьедира, шаьш лаьцнарг ялх стаг ву аьлла.

12-чохь ницкъахоша шайн Телеграм-каналехь Iораяьккхира Несарахь дIаяьхьначу оперативан съемки юкъара кийсакаш.

Видео тIехь гучудаьлларг ду вийначу Мохьмадехь герз хилла хилар, вукху агIор – полисхоша хIусамчуьра вежарийн нана араяккха гIертар. Хеттарш дисина, доккхачу декъанна, кхечу дIалецначийн хьокъехь.

Шен хIусамера лаьцна дIавигина ву Алиев ИбрехIим оцу декъазчу карарчу-беттан 8-чу дийнахь. ЦIийнах хьоьвсича холодильник чохь карийна цхьа тюбик, ткъа ченах лаьттачу сени чохь къагийна геригаш юьйлу, куьйга йина граната а, кхи цхьа оьккхуьйтург а.

АлиевгIара чIагIдарехь, царна еана, кхийсина ю уьш. Шаьш вуьгу меттиг а ца буьйцуш, дIавигинера полисхоша ИбрехIим, тIаьхьо цуьнан гергарчаьрга хаийтира, шайн белхахошна тукарца тIелата гIоьртича , вийна шаьш иза аьлла. КIентан дакъа лаьтте кховдо хIинца а схьаделла дац ИбрехIиман гергарчаьрга.

Эххар а вийначуьн ваша Башир дIалоцу ницкъахоша, цуьнан пIелгийн лараш карийна тIеман гIирсаш тIехь. Карарчу хенахь Алиев Башир Несарарчу изолятор чохь латтош ву.

Къилба ХIирийчоьнан дозан тIехь лаьцна Богатырев Зеламха. Иштта цуьнан хIусамах хьаьжча а карийна оьккхуьйтург. Гергарчара бахарехь, БуьритIе дIавигна иза, цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.

ЦIийнах цхьа ларма бен хIуммаъ йисина ца хилча

АюповгIеран доьзалан да, подполконикан чинехь волу Аюпов Мохьмад-Iела (хIинццал Оздоев яккхара цуьнан фамили, хетарехь, АюповгIар Оздойн тайпанах схьабевлла хиларца)юхавирзина шайн дохийначу цIа чу. Карарчу заманчохь хIусамна бухарчу ларми чохь вехаш ву иза, дийцина "Кавказ.Реалии" портале АюповгIеран лулахоша.

"Да цIа ваийтина, оцу цIенна бухахь ларма яра, цу чохь вехаш ву-кх иза", - аьлла, церан лулахь ехачу Меднас.

Полисхоша яржийначу видеох шеконаш юьсу лулахойн. "Мадина, араяла!", "Iумар, аравала!" бохуш, диттинчу ден маьхьраша стенах кхетаво? Тхоьга боху, нана цуьнан кIанта йина. Полисхоша дерригенах а дронца видео ма яьккхина, и стенна къайлаяьккхина цара? Дукха хеттаршна жоьпаш лур ма дара цу видеоно", - бохуш, эргIаде вуьйлу АюповгIеран кхи цхьа лулахо а.

Дронца йинчу цхьана видео тIехь гуш ду, лазийначу Мохьмада Калашниковн автоматах тера йолу цхьа хIума лаьттахь хьееш. Оццу хенахь хинан маршца цхьаъ дан а гIерта иза.

Лулахоша бахарехь, "лерина операци дIахьочу хенахь, шайн доьзал лечкъинчу лармех цIе кхарстарна кхоьруш, цунна тIе кхача гIертара иза". Цхьана а суьрта тIехь шегахь хилла герз ца детта Аюповс.

Цуьнгахь герз хиларх ГIалгIайчохь массо а вац цецваьлла. Шен цIе яккха цалиинчу меттигерчу юкъаралхочунна хетарехь, тарло и герз лело цуьнан бакъо хилла а. "Тахана диллина духкуш ду масех кепара, тIеман автоматах тера а долуш герзаш. Шен карахь бакъо а йолуш, лелош хилла хила  а мега цо герз", - элира цо.

Бакъонашларъярхошца а, юкъаралхошца АюповгIеран тезетахь хиллачу меттигерчу кхечу вахархочо дийцира "Кавказ.Реалии" портале, церан хIусам ерриг а хIаллакйина хиларх.

"ЦIенох дисина хIума дацара. Дена тIе дахна, юридикан гIо кхачор ду хьуна элира оха, цо дуьхьало йира, хилларг таллийтархьама ша кIад а дийр дац аьлла. Гонах дуьйцуш хеза, уьш массо а наб кхоьтуьйтучу герзаца карабахко мегар дара, бохуш. Iедалхоша хааме даьккхинера, операци дIахьочу хенахь церан кетIа администрацин куьйгалхой а, кеп-кепара хьаькамаш а баьхкинера аьлла. Уьш хIунда ца гайтира видео тIехь?", - хоьтту къамел динчо.

ДаIишхойн идеологаш бу Несарахь

АлиевгIеран хIусамехь дIаяьхьна операци а гина бу лулахой.

"АюповгIеран декъий оцу сохьта схьаделира, хIуна аьлча, гуш дара уьш операцехь байина буйла. Ткъа Алиев ИбрехIиман чалх схьалуш яц, хIунда аьлча, иза полисхойн декъехь цара шаьш вийна ву. Гуш ма ду нуьцкъала вийна хилар, экспертиза йинчул тIаьхьа гучудер а дара. Цундела, дакъа телхинчул тIаьхьа бен схьалур дац цара, ткъа ГIалгIайчуьрчу хьелашца талламаш бан аьтто хир бац цул тIаьхьа. Иштта дуьйцуш ду-кх наха", - боху АюповгIеран лулахочо Меднас.

Оцу юкъанна полисхоша чIагIонаш йо, АюповгIеран ши ваша, царех цхьаъ заьIапхо хилар а шеконашка дуьллу цара, "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин меттигерчу декъан идеологаш хилла бохуш. Iумара а, Мохьмада а шайна дуьхьал герзаш диттира, ткъа йийна Аюпова Медна церан декъахо яра бохуш.

"Йоккхачу тобан коьрта идеологаш бара уьш. Цара яржайора герзаш муха дан деза а, "кафирашна" а, имамашна-мурджииташна дуьхьал диверсин тIом муха бан беза а хьоьху инструкцеш. Шайн дагахь байа Iалашоне лаьцначу салафитийн тептар а дара цара хIоттийна. Полисхоша тайна болх баран бахьанашца масех стаг ца воьйтуш кIелхьараваьккхина, масех терроран зулам а юкъахдаьккхина", - аьлла, хааме даьккхина полисхоша шайн Телеграм-каналехь.

Марха достучу дийнахь дан лерина хилла теракт юкъахдаьккхина аьлла, дIахьедира хьалхо Евкуров Юнус-Бека.

Ткъа цунах лаьцна ницкъаллийн структурийн белхахоша хьахош а дац.

Артиклан авто Оздоев Мохьмад, гочйинарг Димаева Лиза

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Казань вошла в топ-3 городов России по дороговизне комнат

Кино в полночь и лекции на теплоходе. Какие события фестивального клуба нельзя пропустить

Пробки на дорогах Подмосковья оценили в 3 балла утром 19 июня

Виват, фестиваль! В Магадане торжественно открыли конкурс детского и молодежного творчества «Сияние Севера»

Музыкальные новости

Совместное заявление участников круглого стола, приуроченного ко «Дню защиты прав безвинно осужденных»

В Лужниках состоялась церемония открытия Всероссийской Спартакиады Специальной Олимпиады

Более 500 спортсменов поучаствовали в фестивале «Спорт для всех» в Мытищах

Группа Metallica даст виртуальный концерт в Fortnite 22 июня

Новости России

Виват, фестиваль! В Магадане торжественно открыли конкурс детского и молодежного творчества «Сияние Севера»

Индустриальные инновации Москвы: что промышленники производят для метро

Полицейские задержали в Челябинске мужчину, который 26 лет находился в розыске

Вода в екатеринбургской Исети оказалась пригодной для плавания

Экология в России и мире

Prada, коллекция menswear весна-лето 2025

Работы по ремонту детского сада на улице Строителей в Реутове завершены наполовину

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Где реально можно купаться летом в Москве и Подмосковье: 8 пляжей которые оборудованы для летнего отдыха

Спорт в России и мире

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

Экс-теннисист Ольховский: россияне могут хорошо выступить на Уимблдоне

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Moscow.media

На одном из перекрестков Северного района Орла не разошлись мотоцикл и микроавтобус

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

Кинотеатр GOS-FILM: твой гид в мире фильмов







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *