Чемпионат бахьанехь ГIалгIайчу эха бевлла кхечу пачхьалкхашкара туристаш
"Республике оьхуш бу дуккха а кхечу пачхьалкхашкара туристаш. Кхуза ван луучо интернетехула хаамбан беза тхоьга, оха бакъо лур ю. Чемпионат цхьана баттахь бен хир йоцу дела, оха дехар динера кехаташ доху процедура яцъяхьара аьлла", - аьлла ТАСС агенталлен Хамхоевс.
Регионехь туристаша садаIа къастийначух ю коьрта центр – "Армхи".
Хамхоевс бинчу хаамашца, шо доладелчхьана 50 эзар турист чекхваьлла ГIалгIайчухула.