Харжамийн комиссино тIечIагIдина Эрдоган толар
Официалехь толамбаккхарх дIакхайкхор ду тIедогIучу пIераскандийнахь, хаамбина "Настоящее время" хьостано.
Харжамашкахь дакъалаьцначу Индже Мухарремна 30 процент кхаьжнаш кхаьчна. "Харжамаш нийса бацара, амма хIетте а Эрдоган толар тIеоьцу ас", - аьлла цо.
15 шо ду Эрдоган Iедалхойн куьйгаллехь лаьтта – юьхьанца премьеран даржехь, ткъа 2014-чу шарахь дуьйнна президенталлехь.