Шелковскехь ягорг чохь йолу яйнаш лилхина, лазийна нах
![Шелковскехь ягорг чохь йолу яйнаш лилхина, лазийна нах](https://gdb.rferl.org/24F7CBC9-63BF-4102-B1CB-FD1FB3F86E31_cx0_cy15_cw0_w800_h450.jpg)
Ягорг чохь йолу лаьтта бухара 4 яй иккхина еаридийнахь суьйранна. Нохчийчохь оцу бахьанашца яьллачу цIергахь зенаш хилла 4 стагна. Шелковск эвлана километар бен гена йоцчу бензин дуттилехь хилла и бохам.
Ницкъаллийн структурийн белхахошна тIе а тевжаш, ТАСС агентало хаамбарца, велла стаг вац. Орцан министраллехь дIахьедина, цIе ерриг дIаяйина хиларх а.