Муцольговн цIийнах хьовса баьхкинера полисхой сатасале
Болчу хаамашца, дахначу шинаридийнахь Муцольгов прокуратуре тIекхайкхина вара, дийцарехь, "Кавказан узел" агенталлан сайт тIехь цо язйина артикл бахьана долуш.
2009-чу шарахь дуьйнна агенталлан блогер ву бакъонашларъярхо. Гонахара кхерамаш туьйсуш, шен Iа дIалакъо гIерташшехь, республикера уггар а ира проблемаш йийцарейо Муцольговс.
2015-чу шеран гурахь а бакъонашларъярхочун офисехь талламаш дIабаьхьнера полисхоша. Цуьнан кехаташ а, компьютер а дIаяьхьнера цара.
ТIаьхьо цуьнгара дIабаьккхина гIирс юхабеара полисхоша, хан яьлча хаамбира, цуьнан компьютер чохь берийн дастам суьрташ, видеош яра аьлла. Оьрсийчуьра цхьа могIа бакъонашларъяран организацеш тIехIиттира Муцольговна.