Титиевн дов кхечу регионехь хаттар доьху цуьнан адвокаташа
Шинаридийнахь Шеларчу кхелехь дIаяхьа лерина кхеташо дIатеттина суьдхоша, адвокатийн дехар бахьана долуш.
Кху шеран Iай дуьйнна лаьцна ву Титиев Аюб, полисхоша цуьнан машенчуьра наркотикаш яьхна аьлла, бехке а вина. Титиевс а, цуьнан накъосташа а гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла.