Дрэг - рейсинган чемпионат Соьлжа-ГIалахь дIаяхьа сацам бина
"Юьхьанца чемпионат ГIебарта-Балкхаройчохь керлачу автодромехь хIотто лаам бара, амма белхаш кхачо йоллуш бирзина цахиларна Соьлжа-ГIалахь дIахьур ду къийсадаларш", - аьлла Оьрсийчоьнан автомобилан федерацин дрэг- рейсинган комитетан куьйгалхочо Сеферян Тиграна.
Шерачу боккхачу 402 метар болчу некъа тIехь маса машенаш хехкарх олу дрэг-рейсинг.
Дуьххьара оцу дрэг-рейсинган чемпионат Лахарчу Новгородехь дIаяьхьира байначу беттан 9-11-чу деношкахь.