Дийнаташ муха дайа деза хьоьху Интернетера сайт дIакъевлина Нохчийчохь
Масала, хьоьхура жIаьлин юучух хIун тоха еза, иза дерхьама. Иштта дийцаре а деш, форумехь кхайкхамаш бора, дай боцу жIаьлеш хIаллакдан деза бохуш. Кхеле иск чуелла прокуратурано, и сайт дIакъовлар тIедожош.
"Карарчу хенахь оцу сайте вуьгу некъаш дихкина ду", - аьлла, хааме даьккхина Нохчийчуьрчу прокуратурано шайн сайтехь.