Петарбухахь "Ахмат" клуб схьайиллина
"Боккха кхаъ бу Петарбухахь "Ахматан" 120 стаг чутарлуш клубан филиал схьаеллар. Цу чохь спорт лело таро хир ю буоберийн а", - яздо Кадыровс.
Цо бахарехь хIинцале а болх болийна пхеа тренеро, юкъ-кара дуьненан спортхоша мастер-классаш гойтур ю цу клубехь.
Петарбухан губернатор Полтавченко Георгий Нохчийчу веанчу хенахь Петарбухан цIарах урам схьабиллира Соьлжа-ГIалахь.