Журналисташна "арахьара агенташ" цIе тIекхоллар емалдина бакъонашларъярхоша
![Журналисташна](https://gdb.rferl.org/B30356FC-22BB-4F59-BE42-1C3B5541C01E_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
"Арахьара агент" цIе журналисташна тIекхуллуш пачхьалкхан Думано тIечIагIйина низаман проект емалйина Нью-Йоркерчу штаб-квартирас а, журналисташ Iалашбечу Комитето а.
Информаци маьрша яржорехь дозанаш тохархьама Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахьош "системе политика" ю иза аьлла шайн дIахьедарехь бакъонашларъярхоша. Журналисташ Iалашбечу Комитетео Оьрсийчоьнан Iедалхошка кхайкхамбо, шайн курс хийца аьлла.
Шинаридийнахь Думан информацин политикехула йолчу Комитето тIеэцна журналисташ "арахьарчу агентан" статусе баха магош низаман проект. Документ тIехь билгалдаккхарца, оцу статусе бохур бу кхечу пачхьалкхашкара ахча эцарна "агенташ" леринчу хаамийн гIирсашна материалаш язъеш гIодийраш.
Кхечу пачхьалкхашкара ахча оьцу хаамийн гIирсаш "арахьарчу агентийн" статусе яха бакъо елира Оьрсийчоьнан Iедалхоша яхначу гурахь. ГIуран-беттан 5-чохь Оьрсийчоьнан юстицин министралло Iорадаьккхира "арахьарчу агентийн" тептар, иза хьакхаделира "Iамеркан аз" ("Голос Америки") а, "Маршо Радио" а медиакорпорацех a, иштта "Карара Хан" ("Настоящее Время"), "Фактограф", "Крым.Реалии", "Idel.Реалии", "Кавказ.Реалии" интернет-проектех а, гIезалойн маттахь болхбечу Маршо Радион сервисах а.
Оьрсийчоьнан низамашкахь хилла хийцамаш емалбира цхьа могIа Iамеркан а, Европан а, Оьрсийчоьнан а политикаша а, дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацеша а.