Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Iамерко а, ОБСЕ-но а емалдина Оьрсийчоьнан Iедалан "арахьарчу агентех" низам

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн департаменто Оьрсийчоьнан Iедал бехкедо бозуш боцчу журналисташна тIеIаткъам барна, "арахьарчу агентех" низамаш юкъа а даьхна. Пачхьалкхан департаментан векало Нойерт Хизера дIахьедо, оьрсийн Iедалхоша Iамеркан хаамийн гIирсашна ("Iамеркан аз", "Маршо Радио") дуьхьал бен лелош ца хиларх и низам. Иштта комменари йитина Нойерта Москохарчу кхело "Маршо Радио" медиакорпорацина гIуда тохарх.


Арахьарчу зорбанашца болх бен журналисташ "агентийн" статусе бахар а иштта критике диллина Нойерта. "Оьрсийчоьне юха а кхайкхамбо Цхьанатоьхначу Штаташа… коьрта бакъонаш ларъяре, маьрша дош алар а цхьана", - дIахьедо Нойерта.


ОБСЕ-н маршонехула йолчу медиан векало Дезир Арлема хьалхо емалдира "Маршо Радио" "арахьара агент" ларар, оцу низамо Оьрсийчуьрчу прессан маршо лахйо аьллера цо.


Оьрсийн аудиторин интересехь болх бечу йозуш йоцчу медиана тIелатар ду элира кхело тIеэцна сацам Iамеркан BBG-н директоро Лэнсинг Джона. Цо билгалдаьккхира, Iамеркан Конгрессо  ахчанца латточу "Маршо Радио" медиакорпорацина а, "Iамеркан аз" радиокомпанина а дуьхьал долийна ду и низам аьлла.


Маршо Радионо хааме даьккхира, еарийдийнахь Москох Тверан кIоштан кхело 100 эзар сом гIуда тохарх "Маршо Радиона", "арахьарчу агентан" хьесапехь болх бечу организацино Iедалан урхаллашка финансех информаци цаяларна, аьлла".


"Маршо Радион" юристо бахарехь, корпорацин аьтто бацара дуьйцу документаш тIедожийначу хенахь чудала – дуккхаза а дехарх, Оьрсийчоьнан юстицин министралло ца гайтира, муьлхачу кепехь кечдан деза уьш, цу тIе, документаш чудала низамо елла хан тIехъяьлча бен а ца йовзийтира церан хила еза кеп.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *