Зударийн пенсе боьлху хан 60 шаре охьаяккха тарло
Парламенто билгалдаккхарца, хIинца йийцареен кеп ю, зудчун пенси йоьду хан шина-кхаа шарна охьайоккхуш. Делахь а, цу хьокъехь сацам хилла баьлла бац, дукхахдерг доьзна ду экспертийн гонашкахь документах йистяккхарца.
Оьрсийчоьнан Iедалхоша хьалхо Думе прект кховдийнера, пенси воьду хан тIетухуш. Цуьнца а догIуш, зударийн хан 55 шарера 63 шаре яьккхинера, ткъа божарийн 60 шарера 65 шаре кхаччалц.
Кху беттан 19-чохь бовзуьйтур бу пачхьалкхан Думас шайн хилла сацам.