Титиев Аюб Страсбурган кхеле ваьлла
"Мемориалан" юристаша бахарехь, бакъонашларъярхочун довхаттарехь оьрсийн Iедалхоша Европан конвенцин 5-гIа а, 8-гIа а артиклаш (маршонан а, политикан Iалашонца бехкзуламан гIуллакх дуьхьалдаккхаран а) ца лерина хилар.
Шеларчу кхело оршотдийнахь Титиев чохь вуьту хан эхашарна дIаяхйинчул тIаьхьа, бакъонашларъярхочун адвокаташа Страсбурге дIахьажийра шаьш дина арз.