Human Rights Watch: къизаллашна дуьхьал Конвенцин низамаш ца лардо Нохчийчохь а, ГIирмехь а
Масална далийна Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб лацар. Йоллу регионехь а Iедалан харцонашна арз дан йисина цхьаъ бен йоцчу бакъонашларъяран организацин болх сацорхьама кхеле хIоттийна аьлла хета дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхошна Титиев.
"2014-чу шарахь Оьрсийчоьно аннекси йинчул тIахьа хьаькамаша шайца лелочу шогаллех" аьрзнаш дина ГIирмерчу бахархоша а. Ву царлахь режиссер Сенцов Олег а, жигархой Афанасьев Геннадий а, Параламов Ренат а.
Къизаллашна дуьхьало латторан Конвенцин коьрта низамаш талхийна ца Iаш, Iедалхоша садоIийла гIелдина диссидентийн а аьлла, билгалдаьккхина Human Rights Watch-о.
Митингашка а, дуьхьалонан акцешка а буьйлучу нахана тIехь даим а ницкъ латтабо Iедалан векалша боху цара.