Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Абдулатиповна гонах деттало "хIоьънаш"

Дагестанан куьйгаллехь Iийнарг кхеле кхайкхар доьху адвокато


Махкахь дина къоланаш Iорадаьхна бовла гIерта юристаш. Хьакамаша шена тIекхоьхьу кехаташ тIечIагIдеш хьийзинарг республикан коьртехь лаьттина Абдулатипов Рамазан ву, кхайкха иза тоьшаллаш дан, цунна хаа деза шен гоно хIун лелийна, боху адвокато Хасавов Дагира кхеле.  



Ткъа Шихсаидов … хIун динчунна?


​Беха бу Абдулатиповн гонера, къоланаш дар зуьйш, лецначу хьаькамийн могIа: премьер-министр Iийна Гамидов Iабдусамад, цуьнан гIовсаш Исаев Шемал, Юсуфов Раюдин, иштта, дешаран министр лаьттина Шахов ШахъIабас – уьш лийцира кху шеран Чиллан-баттахь. Церан декъахь вара Каспискерчу мэран гIовс Ханвердиев Вадим а, Буйнакскан кIоштада Iийна Шихсаидов Даниял а (Дагестанан спикеран Шихсаидов Хизрин воI).


Карарчу хенахь Шихсаидов Даниял Буйнакскерчу депутатийн кхеташонна коьртехь ву. 2015-чу шарахь иза лецира къоланаш дарх шеко йолуш. 14,6 миллионна ду дина зен, аьлла а даржийра прессо. Шина баттахь лаьцна а кхаьбна, дIахийцира иза Iедало.



"Ткъа хьо, Рамазан, бухасаца везар ву"


​Иттех де хьалха  кхело лацийтина Абдулатиповн гонехь коьрта ларалуш хилла даржхо – министрийн кабинетан куьйгалхочун хьалхара гIовс Алиев Рамазан. Шегарчу даржо магочул алсам жоьпалла караэцарна бехкево иза. Кхечу, амма кхиберш санна безачу бехканна лаьцна кхобуш ву ХIинжа-ГIалин коьрта архитектор Iийна Гитинов Мохьмадрасул.


Абдулатипов кхеле кхайкхарца дерг муьлхачу тIегIане даьлла хIума ду ца хоуьйту адвокато Хасавовс. Вац шен гонна Iедал дуьхьалдаларх лаьцна комментари еш ша Абдулатипов а – Кремло Таршхойн хIорда гонахарчу пачхьалкхашца лелочу юкъарлонех жоп ло цо Путина шена кхачийначу даржехь.


"ХIоьънаш ду Абдулатиповна герга детталуш", боху журналисто Уразаев Эдуарда. Цо билгалдоккхарца, хеттарш Абдулатиповга дахначу шеран Iай дуьйна а ду кхуьуш, цундела вахара иза даржера дIа а.


Уразаевс дагадоуьйту ницкъхой Абдулатиповн ваша - парламентан депутат Раджаб - лаца гIиртина хилар а, цуьнан маьIна "Абдулатиповга хеттарш дуйла хаийтар а" дарий.


"Делахь а, гуш ду, Абдулатиповн президентан администрацица ша хье цавайта хилла барт буйла, амма хууш дац оцу бертан хан маца чекхъер ю ", боху журналисто.


Абдулатипов "къоланийн кочар" кхоьллинчийн декъахь а ву, экономикан сацамаш шен куьйга чекхбохуш леллачу "цунна цахаа йиш а яц, хIун муха лелла", аьлла хета Уразаевна.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *