Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Путине орца доьху Иракъехь латточу зударийн наноша

Дагестанера, Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Адыгейра, иштта кхечу регионашкара а 50 гергга зудчо дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, Иракъехь набахтехь латто шайн доьзалш цIаберзош, гIо доьхуш. Кеп-кепарчу хьосташа яздарехь, Иракъехь а, Шемахь а бIе я эзарнашкахь бераш ду билгалбаьхначу мехкашкара.


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIаршкахь эшамаш хила боьлчхьана шайн гергарчу зударийн а, берийн а дахарна а, могушаллина а кхераме хьал хIоьттина цигахь, боху цара.

"Харц идеологина тIаьхьа а хIиттина, Иракъе дIабахана тхан доьзалш, амма шаьш галбевллий хиъча, юхабахка ницкъ ца кхаьчна церан. Цаьргара дIадаьхнера кехаташ, яда гIоьртинарг юьйш меттигаш а Iиттабелла", - аьлла, яздина ду "Кавказан узел" агенталлан кара кхаьчначу кехатна тIехь.


ДаIишхой хIаллак а бина, Мосул а, кхийолу а гIаланаш схьаяьхначул тIаьхьа, шайн йоьIарий юха а йийсарехь буьсу, хIинца Иракъан набахтешкахь, дукхахберш тIепаза байна царех аьлла ду йоза.




"Иттанашкахь кегий зударий шайн доьзалшца Иракъерчу БагIдадан Расафа олучу набахтехь бу. Тхоьга кхаьчначу хаамашца, оцу набахтехь ю 50 гергга зуда а, бIеннал сов кегий бераш а", - яздо наноша.


Кехат яздинчара бахарехь, сингаттаме косташ кхочу набахтешкара. Наной а, бераш а инфекцин лазарш девлла бу, цхьана а кепара хьелаш дац чохь, къизаллаш лелайо цаьрца.


Шайн доьзалш галбевлла, мича боьлху а ца хууш, шайн цIийндайшна тIаьхьа дIабахана, амма шаьш ловчу а, лайначу баланашца, беза мах дIабелла цара шайгара даьллачу гIалаташна дуьхьал.


"Тхо теша, хьо кьортехь волчу оьрсийн Iедало гIо дийр ду аьлла, тхан бераш а, церан доьзалш а цIаберзош",- яьздина Путин Влаимире гIад дайначу наноша.

 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *