Словакино дIавелла Оьрсийчохь террорхо лору Яндиев
![Словакино дIавелла Оьрсийчохь террорхо лору Яндиев](https://gdb.rferl.org/5624FADA-0E89-4889-BD67-7B1CC2F4DCB7_w800_h450.jpg)
Словакин Iедалша Оьрсийчоьне дIавелла Федералан кхерамазаллин сервисо дIавоьхуш хилла ГIалгIайчоьнан вахархо Яндиев Аслан. ФСБ-но бинчу хаамца, Яндиевна бехке дуьллуш ду 2006-чу шарахь Буру-гIалахь, 4 стаг а вуьйш, терроран тIелатарш дар. ФСБ-но чIагIдо иза Басаев Шемилан тобанан декъашхо хилла бохуш.
Яндиевс шена буьллу бехкагш тIе ца дуьту.
Amnesty International вовшахтохаралло бинчу хаамца, иза Оьрсийчуьра дIавахана хилла 2008-чу шарахь, ца дина зуламаш бахьана долуш Iедалша ша хьийзорна кхоьруш. ФСБ-но чIагIдо Яндиевс Оьрсийчоь 2010-чу шарахь йитина бохуш. Хууш ду оцу шарахь цо Словакин Iедалшка политикан тховкIело ехна хилар.
МухIажиран статус лeчу метта 2011-чу шарахь Iедалша лецира Яндиев, Оьрсийчоьнан дехарца.
7 шарахь адвокташ дуьхьало ян гIиртира Яндиевна экстрадици ярна, амма Словакерчу суьдо сацам бира, Оьрсийчоьне иза дIавала мегар ду аьлла.