Туркойчохь леррина программа кхоьллина шайн нохчашна Нохчийчоь йовзийта
![Туркойчохь леррина программа кхоьллина шайн нохчашна Нохчийчоь йовзийта](https://gdb.rferl.org/27328CC0-BE84-4501-BA20-C6511C618B2B_w800_h450.jpg)
Туркойчохь бехачу нохчийн аьтто хир бу, Оьрсийчу а баьхкина, Нохчийчоь йовза, леррринчу программех пайда а оьцуш. Цунах лаьцна шинарин дийнахь хаам бина туркойн делегацина юкъахь Соьлж-ГIала веанчу дуьненаюкъарчу исламан бизнесан вовшахтохаллан вице-президенто Кылыч Хьусейна, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Цо дийцарехь, буьйцурш бу Оьрсийчоьнан имперера паччахьан заманахь даймахках бевлла туркойн пачхьалкхехь баха хевшинчу нохчийн доьзалийн тIаьхьенех болу нах.
Туркойн дегелегаци Соьлж-ГIала еана кхаа денна леринчу визитаца, шен коьртехь Туркойчоьнан президентан хьехамча Тюркменоглу Айше а йолуш. Цуьнан декъашхойн Iалашо ю бизнесан векалшца а, республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а цхьаьнакхета.